Get Adobe Flash player

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Кто на сайте

Сейчас 52 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

КАЛЕНДАРЬ НОВОСТЕЙ

November 17
Mo Tu We Th Fr Sa Su
30 31 1 2 3 4 5
6 7 8 9 10 11 12
13 14 15 16 17 18 19
20 21 22 23 24 25 26
27 28 29 30 1 2 3

 

Кхеташонан программа масех декъе екъна яра. Еккъа цхьана Евразин халкъийн гуламехь тайп-тайпанчу тематикийн 36 сесси яра: дипломати, Iилма, дешар, культура, мотт, медиа, экологи, кегийрхой, спорт, бизнес, туризм, экономика, доьзал, и.дI.кх.а.

Форуман гурашкахь гуламан дакъалацархоша пачхьалкхийн а, дуьненаюкъарчу организацийн а куьйгалхошка болу кхайкхам тIеэцар къобалдира.

«Оха, Евразин халкъийн ассамблейн I-чу гуламан дакъалацархоша, хIокху вайн дуьненахь машар а, барт а, дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторна а, зарратийн герз лело тарло тIом цабалийтарна а леринчу дIадолоршкахь жигара дакъалацар дехарца кхайкхам бо шуьга. Кхузарчу халкъашна Еврази кхуьуш а, адамаш ирсе даха йиш а, аьтто а болуш а ган лаьа», – билгалдоккху кхайкхамехь.

Иза тIеэцначул тIаьхьа, «дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а, халонех а, тIаьхьалонех а ца къехкаш, жигара къийсам латторна а, Евразехь халкъан дипломати а, халкъашна юкъахь барт а, ларам а баржорна» аьлла, Евразин халкъийн ассамблейн I-чу а, Россин халкъийн ассамблейн VII-чу а гуламийн цIарах Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна «ДоттагIаллин векал» преми елира.

Цул сов, Ассамблейн векалийн сацам хилла Евразин халкъийн динан а, доттагIаллин а, цхьаьнагIуллакхашдаран а хIорашеран де дIакхайкхо. Цара билгалдаккхарехь, и де дIакхайкхоро гIо дийр ду Евразин халкъийн культурийн а, динийн а, меттанийн а тайп-тайпаналла йовзийта а, халкъийн вовшашка ларам кхолла а.

Билгалдаккха догIу оцу гуламехь 90 сов пачхьалкхера цхьа эзар гергга векала дакъалаьцна хилар. Цигахь терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латтор дийцина ца Iаш, экономикин а, культурин а, медиан а декъехь тайп-тайпанчу пачхьалкхаша а, организацеша а цхьаьна болх баран гIуллакхаш а дийцаре дира.

Дагадоуьйту Евразин халкъийн ассамблей хIутосург (май) беттан 27-чу дийнахь, Москвахь, Евразин иттех пачхьалкхерчу коммерцин йоцучу организацийн дIадолорца кхоьллина хилар. Цуьнан I-чу гуламе «маршаллин кехат» даийтира Россин Президента Путин Владимира а, Федерацин Советан куьйгалхочо Матвиенко Валентинас а, Пачхьалкхан Думин спикера Володин Вячеслава а.

Гуламехь вистхиллачу Нохчийчоьнан Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата бусалба наха Россин дуьхьа къахьегарх лаьцна дийцира.

– Бусалба тIемалоша майраллица а, турпалаллица а Iалашйина Россин цхьаалла. Россихоша дозаллица йоху Дуьненан хьалхарчу а, Даймехкан Сийлахь-боккхачу а тIемашкахь Россин дуьхьа шайн синош дIаделлачу бусалба салтийн цIерш. Къаьсттина билгалваккха вогIу Нурадилов Ханпаша. Цо эзара гергга фашист хIаллаквина. Цу хенахь тIамехь а, хIинца Iилманехь а, спортехь а, экономикехь а ларйо бусалба наха Росси, – элира цо.

Иштта, республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан цIарах маршалла а делира цо гуламан дакъалацархошка.

И.ХАСАХАНОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо

http://daymohk-gazet.ru/archives/14657

 

В Доме культуры г. Гудермес состоялось мероприятие в формате Дня Общественной палаты Чеченской Республики по темам: «Гражданское общество как система противодействия терроризму, экстремизму, наркомании и коррупции»; «Формирование экологической культуры личности»; «Человек и дорожно-транспортные происшествия».

В соответствии с поручением Президента РФ в части развития волонтерского движения Общественная палата РФ совместно с ФГБУ «Роспатриотцентр» и Ассоциацией волонтерских центров подготовили предложения по устранению барьеров в развитии волонтерства, включающих совершенствование законодательства, создание условий поддержки волонтерства, а также по наполнению Концепции развития добровольчества в социальной сфере до 2020 года. (сайт агенства "ГРОЗНЫЙ-ИНФОРМ")

Календарь событий

ПОМНИМ!

РУКОВОДСТВО