Get Adobe Flash player

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Кто на сайте

Сейчас 18 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вайн къоман уггаре а коьртачех хазна ю нохчийн мотт. Кхетош-кхиоран мехала гIирс а, къоман син-оьздангаллин билгало а ю иза. Вайн декхар ду ненан мотт Iалашбар а, тIекхуьучу т1аьхьенна кхоччуш ларбина и дIакховдор а.

Нохчийн Республикан куьйгалхочо, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана терго латтайо нохчийн къоман  мотт кхиорехьа даима а бан безачу балха т1ехь. Цуьнан омрица 25 апрель, нохчийн меттан деза де ду аьлла билгалдаьккхина ду.

Иштта,  республикан Куьйгалхочо т1едилларца цу гIуллакх т1ехь дика тидам латтабо Нохчийн Республикан дешаран а 1илманан а министерствехь а кхийолу дешаран учрежденешкахь а. Хазахеташ ду нохчийн мотт даггара беза а безаш, цуьнга болу безам берашка д1акховдош школашкахь хьехархой алсамбовлуш хилар а.

Лераме махкахой! Ас декъал до шу кху дезчу денца!

Даггара вайн ненан мотт безаш, цуьнан кхоччуш сий а, дозалла а деш, ирсе дехийла шу вайн маьршачу махкахь!

Ларамца, Нохчийн Республикан Юкъараллин палатин куьйгалхо волу Г.К-С. Батаев.

ПОМНИМ!

Календарь событий

100 ЛЕТ

РУКОВОДСТВО