Лараме Нохчийн Республикан Куьйгалхо!
Хьомсара махкахой!
Шен чаккхенга кхечи беза а, сийлахь а болу Мархийн бутт.
Ас сайн а, Юкъараллин палатин декъашхойн а ц1арах даггара декъалдо шу кху дезчу денца!
Массеран а марханаш Дала къобалдойла! Хьегна халонаш Дала меле а лорийла!
Кху нийсачу, парг1атонан некъахь д1адаха хьекъал а, кхетам а лойла вайна Везачу Аллах1-Дала!
Нохчийн Республикан
Юкъараллин Палатин председатель Батаев Г1айрсолт